АллахIан Элчано ﷺ аьлла:
«Мархано а, Къуръано а къемат-дийнахь лена шафаIат дийр ду, мархано эр ду: «ХIай сан Дела, дийнахь хIумаяарх а, дегIан лаамах а юхатухура-кх ас иза, дайтахьа соьга цунна шафаIат».
Къуръано а эр ду: «Буьйсанна набарх юхатухура-кх ас иза, соьга а дайтахьа цунна шафаIат».
ТIаккха цушиммо шафаIат дийр ду».
Муснад Ахьмад: 6626